Доладалар 35
35
Якъуб Бетала юхавогӀу
1 #
Доладалар 28:11-17. Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».
2Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца. 3Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».
4Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира.
5Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира. 6Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира. 7Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь. 8Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).
9Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза. 10#Доладалар 32:28. Дала элира цуьнга:
«Хьан цӀе Якъуб ю,
амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац:
хьан цӀе Исраил хир ю».
Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира. 11#Доладалар 17:4-8. Дала элира:
«Со Нуьцкъала Дела ву.
Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба.
Халкъ а, халкъийн доьзал а,
паччахьаш а схьабевр бу хьох.
12ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта
хьуна дӀало Ас,
хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».
13ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела. 14#Доладалар 28:18, 19. Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо. 15Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба.
Рахьал а, Исхьакх а кхалхар
16Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. 17ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву». 18Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду). 19Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза. 20Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу. 21Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила. 22#Доладалар 49:4. Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза.
Якъубан шийтта кӀант вара. 23Леас бина кӀентий:
Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.
24Рахьала бина кӀентий:
Юсуп а, Бен-Яман а.
25Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий:
Дан а, Наптал а.
26Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий:
Гада а, Ашар а.
Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара.
27 #
Доладалар 13:18. Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а. 28Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара. 29Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза.
Currently Selected:
Доладалар 35: CHE
Qaqambisa
Share
Copy

Ufuna ukuba iimbalasane zakho zigcinwe kuzo zonke izixhobo zakho? Bhalisela okanye ngena
© Институт перевода Библии, 2012