1
Доладалар 35:11-12
Делан Йозанаш
Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дӀало Ас, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».
Thelekisa
Phonononga Доладалар 35:11-12
2
Доладалар 35:3
Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».
Phonononga Доладалар 35:3
3
Доладалар 35:10
Дала элира цуьнга: «Хьан цӀе Якъуб ю, амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цӀе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира.
Phonononga Доладалар 35:10
4
Доладалар 35:2
Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца.
Phonononga Доладалар 35:2
5
Доладалар 35:1
Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».
Phonononga Доладалар 35:1
6
Доладалар 35:18
Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду).
Phonononga Доладалар 35:18
Home
Bible
Plans
Videos