Доладалар 34
34
Якъубан йоӀ Дина а, Шехем-гӀалара бахархой а
1Якъубана Леас йина йоӀ Дина яхара меттигера зударий болчу. 2Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ. 3Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо. 4Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоӀ суна ялаехьа».
5Якъубана хиира шен йоӀ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кӀентий даьхни дажош арахь бара, цундела хӀумма а ца олуш Ӏара иза уьш цӀа бахккалц. 6Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан. 7Хилларг шайна хиъча, Якъубан кӀентий сихха арара цӀа баьхкира. Уьш чӀогӀа оьгӀазбахана бара, хӀунда аьлча Исраилан тӀаьхьенна юкъахь чӀогӀа эхье гӀуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоӀ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. 8Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоӀ езаелла сан кӀантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш. 9Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоӀарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига. 10Тхуна юккъехь даха ховша – латта шуна хьалха ду. Цу тӀехь Ӏан а Ӏе, мах а бе, хьал а гулде».
11Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хӀуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна. 12Нускалх муьлхха а там а, совгӀаташ а деха, ас дӀалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана».
13Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кӀентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван. 14Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна. 15Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хӀума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь. 16ТӀаккха оха шуьга тхайн йоӀарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Ӏийр ду тхо. 17Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дӀагӀур ду».
18Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а. 19Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хӀунда аьлча Якъубан йоӀ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хӀусамехь уггар лоруш верг вара.
20Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гӀалин кевне а веана, нахе вистхилира. 21«И нах вайца дика бу, – элира цара. – Вайн лаьтта тӀехь Ӏойла уьш, мах а беш – кху лаьтта тӀехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоӀарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу. 22Цхьа халкъ а хилла, вайца Ӏан реза бу уьш, цхьа хӀума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь. 23Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тӀаккха? Резахила деза вай, тӀаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу».
24ГӀалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кӀанта Шехема а бохучунна резахилира. ГӀалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира. 25КхозлагӀчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Ӏохкучу хенахь, гӀалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кӀант – ШимӀа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гӀалина тӀелетира. Цара массо а божарий хӀаллакбира. 26Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а вийна, церан цӀа чуьра Дина схьа а эцна, дӀабахара уьш. 27Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кӀенташа гӀали чуьра хӀума дӀадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела. 28Цара жаш а, бажа а, варраш а дӀадигира, гӀалахь а, арахь а дерг дӀадаьхьира. 29ГӀалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цӀенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кӀенташа.
30ТӀаккха Якъуба элира ШимӀе а, Левига а: «Аш суна тӀе бохам баийтина, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошна а, перезахошна а со бӀаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тӀелатахь, цара со а, вай массо а хӀаллаквийр ву».
31Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?»
Currently Selected:
Доладалар 34: CHE
Qaqambisa
Share
Copy

Ufuna ukuba iimbalasane zakho zigcinwe kuzo zonke izixhobo zakho? Bhalisela okanye ngena
© Институт перевода Библии, 2012