Uphawu lweYouVersion
Khetha Uphawu

Доладалар 27

27
Якъуба Исхьакхе ша декъалвойту
1Исхьакх къанвеллера, цуьнан бӀаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кӀант Ӏесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КӀант!»
«ХӀун боху ахь?» – жоп делира Ӏесава.
2Исхьакха элира: «Со къена ву, кестта вала мега. 3Хьайн секхаӀад а, пхерчий а схьа а эций, ара а валий, суна экхан жижиг да. 4Суна дукхаеза яа хӀума а кечъяй, соьга яийта, тӀаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».
5Ребикхина хезира Исхьакха шен кӀанте Ӏесаве дина къамел. Ӏесав талла вахара. 6Ребикхас элира шен кӀанте Якъубе: «Суна хезира, хьан дас Ӏесаве къамел деш. 7Цо элира цуьнга: „Экхан жижиг а дай, суна яа хӀума кечъе, иза йиинчул тӀаьхьа Везачу Элана хьалха ас декъалвийр ву хьо, со валале“. 8ХӀинца, сан кӀант, ла а догӀий, ас бохург де: 9вай гезарий лелочу метте а гӀой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хӀума кечйийр ю. 10Ахь иза хьайн дена дӀахьур ю, тӀаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале».
11Амма Якъуба элира Ребикхе: «Сан ваша Ӏесав дегӀа тӀехь чо болуш ву, ткъа со вац. 12Нагахь дас сох куьг Ӏоттахь, цунна хуур ду со Ӏесав воций, тӀаккха декъалваран меттана аса сайна неӀалт кхайкхадойтур ду иза леван гӀортарна».
13Ребикхас цуьнга элира: «Нагахь иштта хилахь, ас неӀалт сайна тӀеоьцур ду. Ас хьайга ма-бохху де, вало, схьая буьхьигаш».
14Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хӀума кечйира. 15Шен воккхаха волчу кӀанта Ӏесава лелош долу, цӀа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тӀедохийтира нанас. 16Юха буьхьигийн кхекхий Якъубан куьйгех а, логах а дӀахьарчийра цо. 17Цул тӀаьхьа ша кечйина яа хӀума а, бепиг а Якъубе дӀаделира цо.
18Да волчу а вахана, Якъуба элира: «Дада».
Дас хаьттира: «Хьо Ӏесав вуй?»
19«Ву со Ӏесав, хьан дуьххьарлераниг, – жоп делира Якъуба. – Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гӀаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тӀаьхьа со декъал а вехьа».
20Амма Исхьакха хаьттира кӀанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?»
Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гӀо дира суна иза каро».
21ТӀаккха Исхьакха элира Якъубе: «Схьавола суна тӀе, ас куьг Ӏуттур ду хьох, сан кӀант, хьо Ӏесав вуй хьажа». 22Якъуб цунна тӀевахара, вукхо, цунах куьйгаш а хьаькхна, элира: «Якъубан санна, аз ду хьан, амма куьйгаш тӀехь, Ӏесаван санна, чоьш ду». 23Исхьакхана Якъуб ца вевзира, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаш, Ӏесаван санна, тӀехь чоьш долуш дара. Цо Якъуб декъалвира. 24Юха цо хаьттира: «Сан кӀант Ӏесав вуй хьо?»
«Ву», – аьлла, жоп делира Якъуба.
25ТӀаккха Исхьакха элира: «Суна экхан жижиг да, иза диинчул тӀаьхьа ас декъалвийр ву хьо».
Якъуба цунна яа хӀума а, чагӀар а делира. Исхьакха хӀума а йиира, чагӀар а мелира.
26Исхьакха элира Якъубе: «КӀант, схьа тӀе а волий, барт баккха суна».
27 # Ӏебархошка 11:20. Якъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза:
«Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю
сан кӀантах йогӀу хьожа.
28Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла
хьан латта токхе хилийта,
хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.
29 # Доладалар 12:3. Хьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла,
хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла!
Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву,
уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу.
Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву,
хьо декъалвеш верг декъала хир ву».
30Исхьакха декъал а вина, Якъуб дӀавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. 31Шен дена дукхаезаш йолу яа хӀума а кечйина, схьавеанчу Ӏесава элира: «Дада, хӀара со ву, хьан кӀант. Хьала а гӀаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тӀаьхьа со декъалвийр ву ахь».
32Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?»
«Со хьан дуьххьарлера кӀант, Ӏесав ву», – аьлла, жоп делира Ӏесава.
33Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хӀума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хӀума а йиъна, декъалвира иза, хӀинца иза декъалвина ву».
34Ден дешнаш хезна, оьгӀаз а вахана, гӀаддайначу Ӏесаван мохь белира: «ТӀаккха со а вехьа декъал, дада!»
35«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догӀу декъалвар дӀа а эцна!» – элира Исхьакха. 36#Доладалар 25:29-34. «Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! – элира Ӏесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаийци, ткъа хӀинца декъалвар а дӀадаьккхи». Юха дега хаьттира Ӏесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?»
37«Дукха тӀаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тӀехь олалла дӀаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагӀар а. Сан кӀант, хьуна дала хӀумма а дац сан!»
38 # Ӏебархошка 12:17. Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Ӏесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!»
39 # Ӏебархошка 11:20. ТӀаккха элира цуьнга Исхьакха:
«Токхе лаьтта тӀехь вехар вац хьо,
тоъал догӀанаш а хир дац хьуна,
40 # Доладалар 36:8. хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан.
Хьайн вешин ялхо хир ву хьо,
амма цунна дуьхьал а гӀаьттина,
цуьнан олаллин кӀелхьара вер ву хьо».
Якъуб Лабан волчу вадар
41Ӏесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тӀаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву».
42Якъуб вер Ӏесавана дагадеана хилар Ребикхе хаийтира. Цо, Якъубе схьа а кхайкхина, элира: «Хьан ваша Ӏесав ву хьо вен дагадеана. 43Сан кӀант, ахь ас ма-бохху дан деза: сан ваша Лабан ву ХӀаран-гӀалахь Ӏаш, сиха иза волчу дӀагӀо. 44Цигахь Ӏе цкъачунна, хьайн ваша оьгӀазваханчуьра ваставаллалц. 45Хьан вешина ахь цунна динарг дицделча, ас хьуна тӀаьхьа ялхо воуьйтур ву. Со хӀунда йолуш ю цхьана дийнахь шу шиннех а?»
46Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!»

Currently Selected:

Доладалар 27: CHE

Qaqambisa

Share

Copy

None

Ufuna ukuba iimbalasane zakho zigcinwe kuzo zonke izixhobo zakho? Bhalisela okanye ngena