Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла
хьан латта токхе хилийта,
хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.
Хьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла,
хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла!
Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву,
уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу.
Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву,
хьо декъалвеш верг декъала хир ву».