Uphawu lweYouVersion
Khetha Uphawu

Доладалар 37

37
Юсупан гӀенаш
1Якъуб шен да ваьхначу КанаӀан-махкахь Ӏаш вара.
2ХӀара ду Якъубан тӀаьхьенах хилларг.
ВуьрхӀитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагӀий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кӀентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хӀума дега дӀадуьйцура. 3Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира. 4Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна. 5Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира. 6Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина. 7Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».
8Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?»
Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.
9Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».
10Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»
11 # Векалийн 7:9. Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.
Вежарша Юсуп вухку
12Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий. 13Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тӀевахийта воллу со».
«Со кийча ву», – жоп делира Юсупа.
14Дас элира цуьнга: «Ваха а гӀой, хьажа хьайн вежарий хӀун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций».
Хьеврон-тогӀи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп. 15Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хӀун лоьху?» – аьлла.
16Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»
17«Уьш кхузара дӀабахна, – жоп делира цу некъахочо. – Суна хезира цара олуш: „Дотане гӀур ду вай“».
ТӀаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гӀалина уллохь карийра. 18Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен. 19«Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! – элира цара. – 20Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».
21И къамел хезча, Юсуп кӀелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХӀан-хӀа, иза вуьйр вац вай». 22Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан. 23Юсуп вежаршна тӀевеача, цунна тӀера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара. 24Юха чохь хи доцучу, яьссачу гӀуна чу кхоьссира иза вежарша. 25ХӀума яа охьахевшича, царна гира ГалӀад цӀе йолчу меттера эмкалийн къепалца богӀу ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогӀучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. 26ЯхӀуда элира вежаршка: «Вайна хӀун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Ӏийча? 27Цул а оцу нахана дӀавухкур ву вай иза, цунна тӀе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза».
Вежарий резахилира цо аьллачунна. 28#Векалийн 7:9. ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира. 29Раабанна ца хаьара хилларг. ГӀуна тӀе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хӀоьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра цо. 30Юха а веана, цо элира вежаршка: «КӀант цигахь вац! Со хӀинца дена хьалха муха гӀур ву?»
31ТӀаккха цара, бож а йийна, цуьнан цӀий хьаькхира Юсупан куча тӀе. 32Юха, и коч шайн дена тӀе а яьхьна, цара элира: «ХӀара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кӀентан юй хӀара?»
33Коч евзинчу дас элира: «ХӀара сан кӀентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дӀаваьккхина».
34Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба. 35Массо а цуьнан кӀентий а, йоӀарий а иза теван гӀертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кӀантана сагатдеш, эхарта дӀагӀур ву со», – бохура цо. КхидӀа а белхар дира дас.
36Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирӀунан гӀаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.

Currently Selected:

Доладалар 37: CHE

Qaqambisa

Share

Copy

None

Ufuna ukuba iimbalasane zakho zigcinwe kuzo zonke izixhobo zakho? Bhalisela okanye ngena