Доладалар 16

16
ХӀажар а, ИсмаьӀал а
1Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш. 2Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира. 3И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта.
4Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна. 5ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».
6Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», – аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.
7Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар. 8Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?»
ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу».
9Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила». 10Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан». 11Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. 12ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза».
13ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?» 14Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).
15 # Галатахошка 4:22. ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира. 16Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича.

Выделить

Поделиться

Копировать

None

Хотите, чтобы то, что вы выделили, сохранялось на всех ваших устройствах? Зарегистрируйтесь или авторизуйтесь