Доладалар 15

15
Дала Ибрамца бартбар
1И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».
2Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг. 3Ахьа кӀант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг».
4ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».
5 # Римхошка 4:18; Ӏебархошка 11:12. Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
6 # Римхошка 4:3; Галатахошка 3:6; Якъуба 2:23. Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. 7Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».
8Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?»
9Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба». 10И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. 11Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш. 12#Аюб 4:13, 14. Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах.
13 # Арадаккхар 1:1-14; Векалийн 7:6. Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш. 14#Арадаккхар 12:40, 41; Векалийн 7:7. Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна. 15Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву. 16Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».
17Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. 18#Векалийн 7:5. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц, 19кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, 20хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, 21эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла.

Выделить

Поделиться

Копировать

None

Хотите, чтобы то, что вы выделили, сохранялось на всех ваших устройствах? Зарегистрируйтесь или авторизуйтесь