Маттай 28
28
Ӏийса веллачуьра денвалар
(Марк 16:1-10; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)
1Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара. 2Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира. 3Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра. 4ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.
5ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий. 6Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса. 7Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».
8Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.
9ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира. 10Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».
ГӀаролхоша хаам бо
11Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира. 12Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира. 13Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“. 14И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».
15Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.
Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
(Марк 16:14-18; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
16 #
Маттай 26:32; Марк 14:28. Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд. 17Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира. 18Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. 19#Векалийн 1:8. Иштта, дерриге а къаьмнашна тӀе а доьлхуш, царна Сан мурдаш хила Ӏамаде, Ден а, КӀентан а, Делан Синан а цӀарах адамаш хих чекх а дохуш, 20Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».
Currently Selected:
Маттай 28: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012