Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира. Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“. И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».
Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.