1
Маттай 27:46
Делан Йозанаш
Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»
Compare
Explore Маттай 27:46
2
Маттай 27:51-52
ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара. Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира.
Explore Маттай 27:51-52
3
Маттай 27:50
Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо.
Explore Маттай 27:50
4
Маттай 27:54
Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
Explore Маттай 27:54
5
Маттай 27:45
Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза.
Explore Маттай 27:45
6
Маттай 27:22-23
Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.
Explore Маттай 27:22-23
Home
Bible
Plans
Videos