Маттай 27
27
Ӏийса Пулат волчу валаво
(Марк 15:1; Лака 23:1, 2; Яхьъя 18:28-32)
1ШолгӀачу Ӏуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Ӏийса вейта барт бира. 2Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.
ЯхӀуд-Искархо валар
(Векалийн 1:18, 19)
3 #
Векалийн 1:18, 19. Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина».
Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».
5Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира.
6Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела». 7Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка. 8Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду. 9#Закри-ЯхӀу 11:12, 13. Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхӀус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хӀоттийна волчунна тӀера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. 10Иза кхийра пхьегӀаш еш волчун лаьттах дӀаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».
Пулата Ӏийса жоьпе озаво
(Марк 15:2-5; Лака 23:3-5; Яхьъя 18:33-38)
11Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?»
Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». 12Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хӀумма а ца элира.
13ТӀаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?»
14Амма Ӏийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чӀогӀа цецваьллера.
Ӏийса вен кхел йо
(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
15ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?» 18Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.
19Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла.
20Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?»
Цара элира: «Барраб».
22Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?»
Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»
23Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»
Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.
24 #
Карлабаьккхинарг 21:6-9. И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».
25Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»
26ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Марк 15:16-20; Яхьъя 19:2, 3)
27ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира. 28Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира. 29Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Марк 15:21-32; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
32ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 33Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34#Забур 68:22. Стимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира. 35#Забур 21:19. Иза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира. 36Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. 39#Забур 21:8; 108:25. Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40#Маттай 26:61; Яхьъя 2:19. Цуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!»
41Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42«Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду! 43#Забур 21:9. Иза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»
44Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.
Ӏийса кхалхар
(Марк 15:33-41; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)
45Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46#Забур 21:2. Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»
47Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48#Забур 68:22. Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.
49Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».
50Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо. 51#Арадаккхар 26:31-33. ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара. 52Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.
54Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
55 #
Лака 8:2, 3. Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.
Ӏийса дӀаволлар
(Марк 15:42-47; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)
57Суьйре тӀееача, Рамат-гӀалара Юсуп цӀе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Ӏийсан мурдех. 58Пулат волчу а веана, цо, Ӏийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дӀало аьлла, омра дира. 59Юсупа, дакъа схьа а эцна, цӀеначу кӀади юккъе а хьарчийна, 60ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тӀулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дӀа а къевлина, иза дӀавахара. 61Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.
Къуббанна хӀоттийна долу гӀарол
62Иза хилира пӀерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгӀачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина, 63#Маттай 16:21; 17:23; 20:19; Марк 8:31; 9:31; 10:33, 34; Лака 9:22; 18:31-33. элира: «Эла, тхуна хӀинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгӀачу дийнахь Со денлур ву“. 64Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дӀа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТӀаккха шолгӀа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».
65Пулата цаьрга элира: «Шайца гӀаролхой схьа а эций, даха а гӀой, шайна бакъахьа хеттачу агӀор ларъе и къубба».
66Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.
Currently Selected:
Маттай 27: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012