Маттай 26
26
Ӏийса вен бина болу барт
(Марк 14:1, 2; Лака 22:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1Ша къамел дина ваьллачул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: 2#Арадаккхар 12:1-27. «Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „Пасахь“ олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а».
3ТӀаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цӀе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира. 4Цара барт бира Ӏийса хӀилланца схьалаца а, вен а. 5Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар
(Марк 14:3-9; Яхьъя 12:1-8)
6Ӏийса Бет-ХӀинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамӀин хӀусамехь волчу хенахь, 7#Лака 7:37, 38. Цунна тӀееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогӀу, механа чӀогӀа деза долу даьтта хиъна Ӏаш волчу Ӏийсана коьрта тӀе дитта йолаелира. 8И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума? 9Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».
10Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду. 11#Карлабаьккхинарг 15:11. Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца. 12Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю. 13Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
ЯхӀуд-Искархо Ӏийсана ямартло ян реза хилар
(Марк 14:10, 11; Лака 22:3-6)
14Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхӀуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана, 15#Закри-ЯхӀу 11:12. элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира. 16ХӀеттахь дуьйна ЯхӀуд-Искархо Ӏийса цаьрга дӀавала аьтто лаха волавелира.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даар
(Марк 14:12-21; Лака 22:7-13, 21-23; Яхьъя 13:21-30)
17Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Ӏийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
18Цо элира: «ГӀалахь Ӏаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гӀой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тӀекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хӀусамехь даздийр ду’“».
19Цара, дӀа а бахана, Цо тӀедиллинарг кхочушдира, тӀаккха Пасахьан пхьор кечдира.
20Суьйре тӀекхаьчча, Ӏийса Шен шийтта мурдаца хӀума яа охьахиира. 21ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».
22ЧӀогӀа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»
23 #
Забур 40:10. Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хӀокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу. 24Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
25Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхӀуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!»
Ӏийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
Везачу Элан пхьор
(Марк 14:22-26; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
26Цара хӀума юучу хенахь Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «ДӀаэца, даа, иза Сан дегӀ ду шуна!»
27Цул тӀаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дӀакховдийра: «ДӀамала массара а, 28#Арадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34. иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу! 29Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дӀахӀоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тӀекхаччалц», – аьлла.
30ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Марк 14:27-31; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)
31 #
Закри-ЯхӀу 13:7. ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара:
„Ӏуьнна чов йийр ю Аса,
тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“. 32#Маттай 28:16. Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
33ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дӀатесча а, аса-м дӀатосур вац Хьо».
34Ӏийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».
35ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац».
Изза вукхара а элира.
Ӏийсас Гатшамани-бешахь доӀа дар
(Марк 14:32-42; Лака 22:39-46)
36Ӏийса Шен мурдашца Гатшамани цӀе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Ӏе, Аса, хьуьлла а вахана, доӀа дечу юкъана». 37Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза. 38Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».
39Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
40Шен мурдаш болчу тӀевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХӀун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу? 41Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду».
42Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» 43Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера.
44КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш. 45Шен мурдаш болчу тӀе а веана, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу хӀинца а, наб еш, садоӀуш ду? ЛадогӀа Соьга: Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна. 46Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Марк 14:43-50; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)
47Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. 48Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца». 49Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.
50Ӏийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гӀуллакх кхочушде#26:50 Айхьа кхуза веана долу гӀуллакх кхочушде – я иштта: хьо стенна деана?». Цара Ӏийса, тӀекхетта, схьалецира. 51Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тӀерадаьккхира. 52#Доладалар 9:6; Довзийтинарг 13:10. Ӏийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хӀунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. 53Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна? 54Делан Йозанаш тӀехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»
55 #
Лака 19:47; 21:37. Цу хенахь Ӏийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь Ӏаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. 56Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама».
ТӀаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дӀабахара.
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀутту
(Марк 14:53-65; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
57Ӏийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дӀавигира. Кхузахь гулбелла бара Ӏелам нах а, къаной а. 58Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гӀаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дӀа хӀун хир ду хьожуш. 59Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. 60Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара. 61#Яхьъя 2:19. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“».
62ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» 63Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?»
64 #
Даниал 7:13. Ӏийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга:
хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур ву
Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а,
стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65 #
Ӏамалъяр 24:16. ТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? 66ХӀун хета шуна?»
Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
67 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 50:6. Цхьаболчара юьхь тӀе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тӀара детташ, 68мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Марк 14:66-72; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)
69Кипа цу хенахь кертахь Ӏаш вара. Цунна тӀе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Ӏийсаца».
70Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хӀун боху». 71Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Ӏийсаца вара».
72Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».
73Дукха хан ялале кхунна тӀебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хӀунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».
74Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза».
Эццахь нӀаьна кхайкхира. 75ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас аьлларг: «НӀаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дӀатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
Currently Selected:
Маттай 26: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012