YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 25

25
Итт зудаберах лаьцна долу хьекъале дийцар
1 # Лака 12:35. «Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана. 2Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла. 3Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла. 4Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна. 5Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна.
6Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“ 7Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна. 8Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, – бохуш. 9Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“. 10Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла.
11 # Лака 13:25. ТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“ 12Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“
13Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
Кхаа ялхочух лаьцна долу хьекъале дийцар
(Лака 19:11-27)
14 # Лака 19:11-27. «Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна. 15Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла. 16Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина. 17Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина. 18Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна.
19Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла. 20Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“. 21Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 22Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“. 23Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 24ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо. 25Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“. 26Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой. 27Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара. 28Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало. 29#Маттай 13:12; Марк 4:25; Лака 8:18. ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху. 30#Маттай 8:12; 22:13; Лака 13:28. Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».
Адамашна тӀехь йина кхел
31 # Маттай 16:27; Маттай 19:28. «Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе. 32ТӀаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаӀуьно уьстагӀий гезарех санна, дӀасакъастор ду. 33УьстагӀий Цо Шена аьтту агӀор дохур ду, гезарий – аьрру агӀор. 34Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду, 35хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира. 36Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“. 37ТӀаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хӀума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? 38Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тӀе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тӀе хӀума? 39Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тӀаьхьа?“ 40Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
41ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг. 42ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира. 43Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“. 44ТӀаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТӀехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Ӏийна Хьан гӀуллакх ца деш?“ 45ТӀаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гӀо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гӀо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. 46#Даниал 12:2. ТӀаккха уьш цкъа а хедар доцучу таӀзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».

Currently Selected:

Маттай 25: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in