1
Маттай 25:40
Делан Йозанаш
Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
Compare
Explore Маттай 25:40
2
Маттай 25:21
Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
Explore Маттай 25:21
3
Маттай 25:29
ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху.
Explore Маттай 25:29
4
Маттай 25:13
Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
Explore Маттай 25:13
5
Маттай 25:35
хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира.
Explore Маттай 25:35
6
Маттай 25:23
Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
Explore Маттай 25:23
7
Маттай 25:36
Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“.
Explore Маттай 25:36
Home
Bible
Plans
Videos