Марк Дешхьалхе
Дешхьалхе
Ӏийсас беанчу, Марка дӀаязбинчу хазачу кхоо хоуьйту «Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ» хилар. ГӀуллакхаш кхочуш деш волу а, олалла долуш волу а стаг Ӏийса вуйла гойтуш ду тептар тӀехь. Цо адамашка кхайкхам барехь а, жинашна тӀехь нуьцкъала Иза хиларехь а, нехан къиношна Цо гечдарехь а Цуьнан олалла гуш ду. Шаьш летийначу къинойх адамаш паргӀатдахархьама Шен дахар дӀадала веана ву Ша-Шех Адамийн КӀант олу Ӏийса.
Ӏийсах лаьцна долу тептар хала йоцучу а, хьуьнаречу а кепехь яздина ду Марка. И тептар яздеш, уггар хьалха Ӏийсас диначун, ткъа цул тӀаьхьа бен Цуьнан дешнийн а, хьехамийн а чӀагӀо ца йо яздархочо. Нах хих чекхбохучу Яхьъях а, Ӏийса хих чекхваккхарх а, Иза зерах а лаьцна долу тептаран доца дӀадолор (1:1-13) чекхдаьлча, Ӏийсас нах тобарх а, нахана хьехам барх а лаьцна дийца доладо Марка (1:14–9:50). Хан мел йолу а, Ӏийсан мурдаш Цунах дика кхета буьйлало, амма Цуьнан мостагӀийн гамо алсамйолуш хуьлу (10:1-52). Тептар дерзош долу кортош (11–16 кортош) Ӏийсан кху дуьнен тӀехь долчу дахаран тӀаьххьарчу кӀиранна чохь хиллачу гӀуллакхех лаьцна ду. Цу кортошкахь чӀогӀа леррина дуьйцуш ду Ӏийса жӀарах дӀатохарх а, Иза веллачуьра денваларх а лаьцна.
Тептаран уггар тӀаьхьарчу коьртан дерзоран дакъа (16:9-20) къовларш юкъа лаьцна ду, хӀунда аьлча дукхахьолахь хетало, и дакъа Марк а воцуш, кхечу стага яздина хилар.
Currently Selected:
Марк Дешхьалхе: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012