YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 21

21
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Марк 11:1-11; Лака 19:28-40; Яхьъя 12:12-19)
1Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира, 2хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла. 3Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».
4И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:
5 # Закри-ЯхӀу 9:9. «ДӀаала Цийонан йоӀе:
„Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш!
Цуьнан эсала амал ю.
Иза вирана тӀехиъна вогӀу,
боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
6Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира. 7Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира. 8Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура. 9#Забур 117:25, 26. Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна!#21:9 ХӀашанна – иза «кӀелхьардаха хӀинца!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам» бохучух терра ду. Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»
10Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»
11Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Марк 11:15-19; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)
12Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра. 13#ЕшаӀ-ЯхӀу 56:7; Ярми-ЯхӀу 7:11. Цо элира: «Яздина ду:
„Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“.
Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
14Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира. 15Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира. 16#Забур 8:3 (Грекийн). Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?»
Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна:
„Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула
бойтур бу Ахьа хастамаш“?»
17Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.
Комарийн диттана сардам боллар
(Марк 11:12-14, 20-24)
18Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера. 19Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тӀевахара. Амма цунна тӀехь, гӀаш доцург, цхьа а стом бацара. ТӀаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тӀе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дӀахӀоьттира.
20И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?»
21 # Маттай 17:20; 1 Коринтхошка 13:2. Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. 22Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».
Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Марк 11:27-33; Лака 20:1-8)
23Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
24Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 25Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?»
ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 26Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». 27Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла.
ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Шина кӀантах лаьцна хьекъале дийцар
28«Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“. 29КӀанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тӀаьхьа метта а веана, болх бан вахара. 30ТӀаккха дас, важа кӀант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгӀачу кӀанта жоп делира: „ГӀур ву“. Амма иза болх бан ца вахара. 31Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?»
Цара элира: «Хьалхарчо».
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу. 32#Лака 3:12; 7:29, 30. ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Марк 12:1-12; Лака 20:9-19)
33 # ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1, 2. «ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 34Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца. 35Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина. 36ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“ хӀоттийна кемсашлелорхоша. 37Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“. 38Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. 39Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.
40Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»
41Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга».
42 # Забур 117:22, 23. Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг:
„ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
43Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду. 44Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву».
45Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. 46Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.

Currently Selected:

Маттай 21: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in