YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 20

20
Кемсийн бешара белхалой
1«ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг. 2Цхьа динари#20:2 Динари – цхьана дийнахь болх бича луш долу дато ахча. ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна. 3Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг. 4Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“. 5Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина. 6Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“ 7Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.
8 # Ӏамалъяр 19:13; Карлабаьккхинарг 24:15. Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало – тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“. 9Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла. 10Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари. 11Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла. 12Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“. 13Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла. 14Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа. 15Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“
16 # Маттай 19:30; Марк 10:31; Лака 13:30. Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».
Ӏийсас кхозлагӀа а Шен Ӏожаллех а, Ша денлург хиларх а лаьцна дуьйцу
(Марк 10:32-34; Лака 18:31-34)
17Ярушалайме боьдучу новкъахь Ӏийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира: 18«ЛадогӀа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КӀант динан коьртачу дайшкий, Ӏеламчу нахей дӀалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. 19ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».
Якъубан а, Яхьъян а дехар
(Марк 10:35-45)
20Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.
21Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?»
Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа».
22Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?»
«Бу», – элира цара.
23Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар – иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
24Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна. 25#Лака 22:25, 26. Амма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а. 26#Маттай 23:11; Марк 9:35; Лака 22:26. Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза. 27Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза. 28Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Ӏийсас бӀаьрзе ши стаг туовар
(Марк 10:46-52; Лака 18:35-43)
29Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. 30Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант
31Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
32ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?»
33Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара».
34Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.

Currently Selected:

Маттай 20: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in