1
Маттай 21:22
Делан Йозанаш
Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».
Compare
Explore Маттай 21:22
2
Маттай 21:21
Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду.
Explore Маттай 21:21
3
Маттай 21:9
Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»
Explore Маттай 21:9
4
Маттай 21:13
Цо элира: «Яздина ду: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
Explore Маттай 21:13
5
Маттай 21:5
«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
Explore Маттай 21:5
6
Маттай 21:42
Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
Explore Маттай 21:42
7
Маттай 21:43
Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.
Explore Маттай 21:43
Home
Bible
Plans
Videos