Маттай 22
22
Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар
(Лака 14:15-24)
1Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: 2«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина. 3Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. 4Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“. 5Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, 6ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. 7Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна. 8ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. 9Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. 10Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара.
11Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тӀехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. 12Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. 13#Маттай 8:12; 25:30; Лака 13:28. ТӀаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дӀа а дехкий, Ӏаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“.
14Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кӀезиг бу».
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Марк 12:13-17; Лака 20:20-26)
15ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. 16Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. 17Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»
18Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? 19Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча».
Цунна дато динари-ахча схьадеара. 20ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?»
21Цара элира: «Римхойн паччахьан».
ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
22Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара.
Денваларх лаьцна
(Марк 12:18-27; Лака 20:27-40)
23 #
Векалийн 23:8. Цу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: 24#Карлабаьккхинарг 25:5. «Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору. 25Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира#22:25 ...цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира – иштта хӀетахьлерчу Ӏедалехь хилла.. 26Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира. 27Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира. 28Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу».
29Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. 30Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 31Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: 32#Арадаккхар 3:6. „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»
33Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира.
Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
(Марк 12:28-34; Лака 10:25-28)
34Цо садукъой Шен жоьпаца ала хӀума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. 35Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: 36«Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?»
37 #
Карлабаьккхинарг 6:5. Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. 38Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду. 39#Ӏамалъяр 19:18. Цунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. 40#Лака 10:25-28. Товрат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду».
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Марк 12:35-37; Лака 20:41-44)
41ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: 42«ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?»
Цара Цуьнга элира: «Даудан КӀант ву».
43Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:
44 #
Забур 109:1. „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле:
‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“.
45Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?»
46Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш.
Currently Selected:
Маттай 22: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012