YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 23

23
Парушхойн а, Ӏеламчу нехан а гӀалатех адамаш лардар
(Марк 12:38, 39; Лака 11:43, 46; 20:45, 46)
1ТӀаккха Ӏийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира. 2Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето. 3Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хӀунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гӀуллакхаш дан а ца до. 4Цара чӀогӀа хала парзаш хӀиттадо. Уьш кхочушдан чӀогӀа хала ду. И парзаш нахана тӀе а дехкина, уьш цаьрга дӀакхехьийта гӀерта. Ткъа шаьш пӀелг меттахбаьккхина а хӀума дан лууш бац. 5#Маттай 6:1; Карлабаьккхинарг 6:8; Лелар 15:38. Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю. 6Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а. 7Царна лаьа базаран майданахь шайга чӀогӀа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цӀе яккхийта а. 8Амма аша шайн цӀе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хӀунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду. 9Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цӀе ма яккха, хӀунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву. 10Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цӀе ма яккхийта, хӀунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг. 11#Маттай 20:26, 27; Марк 9:35; 10:43, 44; Лака 22:26. Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. 12#Лака 14:11; 18:14. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.
13 # Марк 12:40; Лака 20:47. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта#23:13 Цхьадолчу тептарш тӀехь 14-гӀа аят тӀетоьхна ду: Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! Бисина Ӏаш болчу зударийн цӀенош аша шайна дерзадо, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до аша. Амма луьра таӀзар хир ду шуна..
15Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХӀордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дӀахӀоттаво аша.
16Къа ду шун, шаьш бӀаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цӀийнах дуй биъча, хӀумма а дац, амма Делан цӀа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. 17БӀаьрзе, сонта нах! ХӀун ду деза – деши ду, я Делан цӀа ду, и деши даздеш долу? 18Аша боху: „СагӀа доккхучу кхерчах дуй биъча, хӀумма а дац. Амма цу кхерча тӀехь Ӏуьллучу сагӀанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“ 19БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза – сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу? 20Цу кхерчах дуй буучо цу тӀе охьайиллинчу хӀуманах а боу дуй. 21Делан цӀийнах дуй буучо Делан цӀийнах а, цу чохь Ӏаш Волчух а боу дуй. 22#ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Маттай 5:34. Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гӀантах а, цу гӀанта тӀехь Волчух а дуй боу.
23 # Ӏамалъяр 27:30. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Ӏаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгӀа дакъа аша сагӀина дӀало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чӀогӀа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хӀуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. 24БӀаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дӀайоккху аша, амма эмкал#23:24 Эмкал – хӀара хьайба товрат-хьехамаш тӀехь хьарам лоруш ду. дӀакхоллу.
25Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тӀехулара дикка цӀандо, амма чухулара уьш бӀаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хӀуманах дуьзна ду. 26БӀаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цӀанде, уьш тӀера а, чуьра а цӀена хилийта.
27 # Векалийн 23:3. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТӀехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьӀахкаш, дахкаделла долу дилха а ду. 28Шу шаьш а, тӀехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.
29Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо. 30Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“. 31Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тӀаьхьенах хилар чӀагӀ а деш. 32Шайн дайша лелийнарг кхин а тӀехдаккха! 33#Маттай 3:7; 12:34; Лака 3:7. Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу? 34Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Ӏелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жӀарах дӀатуху, вуьш, шун гуламан цӀенош чохь етташ, цхьана гӀалара вукху гӀала лоьхкуш лелабо. 35#Доладалар 4:8; 2 Шерашкахь 24:20, 21. Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. 36Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хӀокху тӀаьхьено».
Ярушалайм бахьана долуш гӀайгӀане хилар
(Лака 13:34, 35)
37«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 38#Ярми-ЯхӀу 22:5. ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. 39#Забур 117:26. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»

Currently Selected:

Маттай 23: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in