Векалийн 9
9
Шаулан Ӏийсах тешар
(Векалийн 22:6-16; 26:12-18)
1Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 2Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.
3Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»
5«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула.
«Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».
7Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 8Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 9Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура.
10Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!»
ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла.
11Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву. 12Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта».
13Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 14Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».
15Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 16Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза».
17Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».
18Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 19ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга.
Шаула Дамасакхехь хьехам бар
Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. 20Шаул жуьгтийн гуламан цӀеношкахь хьехам бан волавелира, Ӏийса Делан КӀант ву бохуш.
21Цуьнга ладоьгӀначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Ӏийсага кхойкхуш берш хӀаллакбан гӀерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тӀебига веана вац иза?»
22Шаул нахана хьехам барехь тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.
23Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен. 24Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гӀалин кевнаш лардора иза верхьама. 25Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гӀалин гонахарчу пена тӀехула тускар чохь чувоссийра иза.
Шаул Ярушалаймехь
26Ярушалайме а веана, Ӏийсан мурдех дӀакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хӀара а Цуьнан мурд хиларх. 27ТӀаккха Бар-Нааба векалшна тӀевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Ӏийсан олаллин цӀарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. 28Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргӀат лелара Ярушалаймехь, Ӏийсан цӀарах майрра хьехам а беш. 29Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хӀара вен барт хилира церан. 30Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гӀала дӀавигира, ткъа цигара Тарс-гӀала дӀакхетийра.
31ЯхӀуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Ӏийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гӀоьнца чӀагӀ а луш, алсамбовлуш бара Ӏийсах тешаш берш.
Енай туовар
32Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо. 33БархӀ шарахь меттахь Ӏиллина волу Енай цӀе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь. 34Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас тово хьо. Хьала а гӀаттий, хьайн мотт дӀабаккха». Енай цу сохьта хьалагӀаьттира. 35Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тӀебирзира.
Тавита денъялар
36Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра. 37Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цӀа чохь охьадиллира. 38Лодди-юрт Яппи-гӀалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла. 39Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цӀа чу вигира. Кипина гонах бисина Ӏаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хӀуманаш а гойтура цара. 40Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хӀоьттина, доӀа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дӀа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагӀатта!» Зуда, бӀаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кӀегархиира. 41Кипас, куьг а лаьцна, гӀо дира цунна когаш тӀе ирахӀотта. Юха Ӏийсах тешарш а, бисина Ӏаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дӀагайтира цо. 42Цу хӀуманах лаьцна ерриг а Яппи-гӀалахь хиира, тӀаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира. 43Кипас кхин а гӀеххьа хан яьккхира Яппи-гӀалахь. Иза цӀокаршна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь Ӏаш вара.
Currently Selected:
Векалийн 9: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012