Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».
Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза.