Векалийн 10
10
Кипа Корнил волчу вахар
1Кхесрин-гӀалахь Ӏаш вара Корнил цӀе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара. 2Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора. 3Цкъа цхьана дийнахь делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хӀоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХӀара волчу а деана, малико элира: «Корнил!»
4Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо.
Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла. 5Яппи-гӀала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамӀе схьакхайкха. 6ЦӀокарчашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь, хӀорда йистехь сецна хьуна иза». 7Шеца къамел дина малик дӀадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тӀемалочуьнга а схьакхайкхира. 8Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гӀала бахийтира цо.
Кипина сурт хӀоттар
9ШолгӀачу дийнахь бахийтинарш гӀалин йисте кхочуш, Кипа доӀа дан цӀийнан нийсачу тхов тӀе хьалавелира. 10Мац а велла, яа хӀумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна. 11Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна. 12Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара. 13Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш», – аьлла.
14Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хӀума».
15ТӀаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хӀума хьарам ма хета». 16Иштта кхузза хилира, тӀаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира.
17Кипа ойла еш лаьттара, шена хӀоьттина сурт хӀун маьӀна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамӀин цӀенош а карийна, кевнна хьалха севцира. 18Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамӀа вуй кхузахь?» – аьлла.
19Кипа, дӀа а хӀоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТӀаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамӀа, хьо лоьхуш кхо стаг ву. 20Хьала а гӀаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо, хӀунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».
21Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХӀунда даьхкина шу?» – аьлла.
22Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цӀена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цӀа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогӀархьама». 23ТӀаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна.
Кипа Корнилан хӀусаме вогӀу
ШолгӀачу дийнахь Кипа а, Яппи-гӀалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дӀавахара. 24Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гӀала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Ӏаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагӀашка а кхайкхина. 25Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. 26«ХьалагӀатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». 27Корнилаца къамел а деш, Кипа цӀа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара. 28Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. 29Цундела сайна тӀаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХӀинца пурба лойша шайга хатта: хӀунда кхайкхина аша соьга?»
30Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира. 31„Корнил, – элира цо, – Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла. 32Кипа олучу ШамӀе кхайкха нах бахийта. Иза хӀорда йистехь Ӏаш волчу цӀоканашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь ву хьуна“. 33Ас цу сохьта хьуна тӀаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХӀинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тӀедиллинчуьнга ладогӀархьама».
34 #
Карлабаьккхинарг 10:17. Кипа дийца волавелира: «ХӀинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. 35Цо массо а къомах болу нах тӀеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! 36Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. 37-38Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара. 39Ӏийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина, 40амма Дала веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвира. Ӏийса Делан лаамца нахана гучувелира. 41Иза хӀоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа. 42Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла. 43Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цӀарах къиношна гечдийриг хилар».
44Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугӀучарна массарна а тӀе Делан Са доьссира. 45Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх, 46хӀунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТӀаккха Кипас элира: 47«Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тӀе а ма доьссина!» 48Цо Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тӀедожийра царна. Цул тӀаьхьа хӀусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.
Currently Selected:
Векалийн 10: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012