Векалийн 8
8
1Шаула къобалдора Тапин вер.
Шаула Ӏийсан мурдаш баланехь латтор
Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. 2Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош. 3#Векалийн 22:4, 5; 26:9-11. Ткъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.
Пилапа Шамран-махкахь хьехам бар
4Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь. 5Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гӀала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара. 6Массара а цуьнга дика ладугӀура. Цо деш долу тамашийна хӀуманаш а гора царна. 7Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьӀапнаш а толора. 8Цу гӀалахь болу нах чӀогӀа самукъадаьлла бара.
9Цу гӀалахь Ӏаш, ШамӀа цӀе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара. 10Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву». 11Халкъо къаьсттина тидам тӀебахийтира цунна, хӀунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца. 12Амма Делан олаллех а, Ӏийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гӀалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура. 13ШамӀас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тӀаьхьа а хӀоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хӀуманех а, тамашийна гӀуллакхех а цецвуьйлуш.
14Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тӀеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира. 15Цу шиммо, схьа а веана, доӀа дира, и дош тӀеэцначарна Делан Са тӀелацар доьхуш. 16ХӀунда аьлча царна тӀе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Ӏийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. 17Кипас а, Яхьъяс а царна тӀехула куьйгаш лецира, тӀаккха Ӏийсах тешначарна Делан Са тӀеийцира.
18Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамӀас цаьрга ахча кховдийра: 19«Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тӀехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».
20Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду. 21Оха дечу кху гӀуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хӀунда аьлча хьан дог Далла хьалха цӀена дац. 22Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна. 23ХӀунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».
24ШамӀас дийхира тӀаккха: «Везачу Эле сох доӀа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».
25Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тӀаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.
Пилап а, эфиопхо а
26Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гӀаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Ӏази-гӀала боьдучу новкъа вала», – аьлла. 27ТӀаккха Пилап дӀавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьӀна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цӀе йолчу зуда-паччахьан цӀийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхӀарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Ӏибадат дан а веана, 28хӀинца цӀа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гӀудалкха а хиъна, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогӀура иза. 29Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», – аьлла. 30ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш.
«Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа.
31«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо. 32#ЕшаӀ-ЯхӀу 53:7, 8 (Грекийн). Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара:
«Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна,
дӀавуьгуш вара Иза,
ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш,
тийна Ӏара Иза.
33Сийсазваьккхина вара Иза,
ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара.
Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна,
хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»
34ВаьӀначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?» 35ТӀаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тӀера вола а велла, ваьӀначунна Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира. 36Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира.
«Хьажахьа, хӀара хи ду, – элира ваьӀначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»#8:36 Цхьадолу тӀаьхьарчу тептарш тӀехь 37-гӀа аят тӀетоьхна ду: Пилапа элира цуьнга: «Даггара хьо тешахь, мегар ду хьуна». ВаьӀначо элира: «Со теша, Ӏийса, Дала леррина Къобалвинарг – Делан КӀант хилар».
38ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза. 39Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо. 40Пилап цул тӀаьхьа Ашдод-гӀала нисвелира. Массо а гӀаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дӀакхаччалц.
Currently Selected:
Векалийн 8: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012