Доладалар 13

13
Ибрам а, ЛутӀа а дӀасакъаьста
1Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара. 2Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. 3КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза. 4Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза.
5Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара. 6Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора. 7Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара.
8ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду. 9ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву».
10 # Доладалар 2:10. ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. 11ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара, 12ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо. 13Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара.
14ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. 15#Векалийн 7:5. Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду. 16Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра. 17ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза».
18Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо.

Выделить

Поделиться

Копировать

None

Хотите, чтобы то, что вы выделили, сохранялось на всех ваших устройствах? Зарегистрируйтесь или авторизуйтесь