Доладалар 10

10
Нохьин кӀентийн тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:5-23)
1ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг.
Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира.
2Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.
3Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.
4Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. 5ГӀайренаш#10:5 ГӀайренаш – схьахетарехь, Дуьненаюккъерачу хӀордахь. тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш.
6Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.
7Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа.
РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а.
8Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара. 9Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо#10:9 Таллархо – я иштта: турпалхо. вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». 10Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра. 11Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а, 12Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала.
13Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 14патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой.
15КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 16Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 17хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 18арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.
Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира. 19КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц.
20Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.
Шимин тӀаьхье
21Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара.
22Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.
23Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара.
24Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.
25Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. 26Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 27ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 28Ӏобал, Абумаил, Шеба, 29Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара.
30Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.
31Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.
32Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу.

Выделить

Поделиться

Копировать

None

Хотите, чтобы то, что вы выделили, сохранялось на всех ваших устройствах? Зарегистрируйтесь или авторизуйтесь