YouVersion
Pictograma căutare

Марк 6

6
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Лака 4:16-30)
1Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гӀала веара Ӏийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара. 2Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. 3Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?»
Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. 4#Яхьъя 4:44. Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 5Цигахь башха тамашийна хӀума ца даделира Ӏийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тӀе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. 6Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх.
Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор
(Маттай 10:5-15; Лака 9:1-6)
ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза. 7Шен шийтта векал тӀе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тӀехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дӀасахьажийра Ӏийсас. 8Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург. 9Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо». 10Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц. 11#Лака 10:4-11. Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
12ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш. 13#Якъуба 5:14. Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара.
Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Маттай 14:1-12; Лака 9:7-9)
14 # Маттай 16:14; Марк 8:28; Лака 9:19. Ӏийсан цӀе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХӀарод-паччахьна а дӀахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Ӏийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хӀуманаш до», – олура. 15Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш.
16И шена хезча, ХӀарода элира: «Аса корта тӀера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», – аьлла. 17#Лака 3:19, 20. ХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. 18ХӀунда аьлча Яхьъяс аьллера ХӀароде, цо шен вешин зуда шена йигар Ӏедалехь нийса дац аьлла. 19Цундела ХӀародад хьагӀ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дӀаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара, 20хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора.
Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.
21Цкъа ХӀарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хӀоттийра, пачхьалкхан а, тӀеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина. 22Ткъа ХӀародадан йоӀ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чӀогӀа там хиллера ХӀародана а, цуьнан хьешашна а. ТӀаккха ХӀарода оцу йоӀе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дӀалур ю хьуна», – аьлла. 23Цо, дуй биъна, чӀагӀо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», – аьлла.
24ЙоӀа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХӀун еха аса», – аьлла.
Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», – аьлла.
25ЙоӀа, сихха паччахьна тӀе а яхана, дийхира: «Ахьа хӀинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», – аьлла.
26Паччахьна и чӀогӀа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна. 27ХӀарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тӀера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина, 28схьа а беана, шуьна чохь йоӀе дӀакховдийра, ткъа йоӀа шен нене белира иза. 29Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегӀ схьа а эцна, къубба чу диллира.
Пхи эзар стаг вузор
(Маттай 14:13-21; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)
30Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. 31Ӏийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доӀуьйтуш, адам доцучу метте дӀадовла вай цхьаьна». ХӀунда аьлча уьш болчу меттехь чӀогӀа дукха нах бара, ур-атталла хӀума яа а меттиг ца йолуш. 32Цундела уьш, нахах дӀа а къаьстина, хинкеман тӀехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира. 33Амма дукхахболу нах, хӀорш дӀабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гӀаланашкара гул а белла, берд тӀехула бевдда, кхарал хьалхабевлира. 34#Лелар 27:17; Сулим 22:17; 2 Шерашкахь 18:16; Яхьазкхиал 34:5; Маттай 9:36. Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Ӏу воцу уьстагӀех а тарбелла, царах чӀогӀа къахийтира Ӏийсана. ТӀаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. 35Де чаккхенга гӀерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Ӏийсана тӀе а бахана, элира Цуьнга: «ХӀара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. 36Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дӀабахийтахьа и нах».
37Амма Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».
Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бӀе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?»
38ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГӀой, хьовсал».
Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чӀара а бу-кх».
39ТӀаккха, и нах берриш а сийначу бай тӀе охьаховшабе аьлла, омра дира Ӏийсас мурдашка. 40Уьш, бекъа а белла, бӀе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. 41Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо. 42Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. 43Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира. 44Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара.
Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Маттай 14:22-33; Яхьъя 6:15-21)
45Цу сохьта и нах Ша дӀахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тӀе а хаийтина, Шел хьалха, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе Бет-Саида-гӀала дӀабахийтира Ӏийсас Шен мурдаш. 46Нах дӀа а хьажийна, доӀа дан лам тӀе хьалавелира Ӏийса. 47Суьйре тӀееача, хинкема Ӏомана юккъехь дара, ткъа Ӏийса лам тӀехь Ша вара. 48Хин тӀехь дуьхьал богӀу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Ӏийсана. ТӀаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тӀаьхьа Иза хи тӀехула царна тӀе вахара. Ӏийса тӀехвала воллучу хенахь, 49Иза хин тӀехула волавелла вогӀу а гина, мурдашна Иза гӀаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира, 50хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 51ТӀаккха Иза цаьрца кеман тӀе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чӀогӀа цецбевллера, 52хӀунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хӀуманах а ца кхийтира уьш, дӀакъовладелла дара церан дегнаш.
53Хин кеман тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш. 54Уьш кеман тӀера охьабуьссушехь, нахана Ӏийса вевзира. 55Цара, бевдда, сихонца дӀасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТӀаккха Ӏийса миччахьа сецча а, Цунна тӀе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира. 56Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гӀаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тӀе а балабой, чӀогӀа доьхура Ӏийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дӀахӀуттура.

Selectat acum:

Марк 6: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te