Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира.