YouVersion
Pictograma căutare

Марк 5

5
Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар
(Маттай 8:28-34; Лака 8:26-39)
1Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара. 2Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. 3Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза, 4хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. 5Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза.
6Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, 7чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» 8Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.
9ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» – бохуш.
Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду». 10Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла. 11Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 12Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. 13Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара.
14Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла. 15Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. 16И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна.
17ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла.
18Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. 19Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а».
20Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура.
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а
(Маттай 9:18-26; Лака 8:40-56)
21Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. 22Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, 23чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш.
24Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. 25Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. 26Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза. 27Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира. 28ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла. 29Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна.
30Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла.
31Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
32Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. 33ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга. 34Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».
35Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара.
36Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». 37Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца. 38Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира. 39ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю».
40Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза. 41Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» – бохург ду). 42И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера. 43Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», – элира Цо цаьрга.

Selectat acum:

Марк 5: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te