YouVersion
Pictograma căutare

Марк 16

16
Ӏийса веллачуьра денвалар
(Маттай 28:1-8; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)
1Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама. 2Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. 3Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» – бохуш.
4Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара. 5Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера. 6Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. 7#Маттай 26:32; Марк 14:28. Амма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».
8Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира.
Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар
(Маттай 28:9, 10; Яхьъя 20:11-18)
9 # 16:9-20 Уггар ширачу тептарш тӀехь 9-20 яздина дац. КӀирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Ӏийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхӀ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хӀоьттира. 10Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира. 11Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира.
Ӏийса шина мурдана хьалха дӀахӀоттар
(Лака 24:13-35)
12Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. 13Цара а, юхабирзича, дӀахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш.
Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
(Маттай 28:16-20; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
14ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. 15#Векалийн 1:8. Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ. 16Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. 17Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. 18Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
19 # Векалийн 1:9-11. Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира. 20Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо.

Selectat acum:

Марк 16: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te

Videoclipuri pentru Марк 16