1
Марк 16:15
Делан Йозанаш
Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ.
Compară
Explorează Марк 16:15
2
Марк 16:17-18
Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
Explorează Марк 16:17-18
3
Марк 16:16
Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю.
Explorează Марк 16:16
4
Марк 16:20
Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо.
Explorează Марк 16:20
5
Марк 16:6
Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг.
Explorează Марк 16:6
6
Марк 16:4-5
Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара. Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера.
Explorează Марк 16:4-5
Acasă
Biblia
Planuri
Videoclipuri