YouVersion
Pictograma căutare

Марк 15

15
Ӏийса Пулат волчу валаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Лака 23:1-5; Яхьъя 18:28-38)
1Сатосучу хенахь, Ӏуьйре тӀеярца, динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Ӏийса дӀа а вихкина, Пулате дӀавелира. 2Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла.
Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза».
3Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса. 4Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо».
5Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.
Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-26; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
6ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана. 7ХӀетахь цхьа хьенех вара, Барраб цӀе а йолуш. Шен накъосташца Ӏедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера. 8ТӀаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хӀинццалц санна тутмакхех цхьаъ дӀахецар дийхира Пулате. 9Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дӀавала лаьий шуна?» – аьлла.
10ХӀунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Ӏийса шайн Цуьнга хьагӀ йолу дела дӀавеллий. 11Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахӀоттийнера, царна Барраб дӀахецар гӀоле хетийтархьама. 12Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хӀун дан лаьа шуна ас?»
13Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – аьлла.
14Пулата хаьттира цаьрга: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»
Амма наха кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
15ТӀаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дӀахецийтира. Ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, тӀемалойн кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Маттай 27:27-31; Яхьъя 19:2, 3)
16ТӀемалоша, Ӏийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гӀишло чу а вигна, тӀемалойн ерриге а тоба гулйира. 17ТӀаккха Цунна тӀе цӀен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. 18Цул тӀаьхьа, Ӏийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»
19ТӀаккха Цуьнан коьртах Ӏаса а етташ, Цунна тӀе туйнаш деттара цара. Цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, корта беттаран сурт хӀоттадора Цунна хьалха. 20Шаьш Ӏийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Шен хӀуманаш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха жӀарах дӀатоха дӀавигира Ӏийса.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
21 # Римхошка 16:13. ТӀаккха шен кха тӀера вогӀу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамӀа а сацийна, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 22Ӏийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 23Ярийн муттанца эдина чагӀар дала гӀоьртира уьш Цунна, амма Ӏийсас иза ца мелира. 24#Забур 21:19. Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира. ТӀемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хӀуманаш вовшашлахь йийкъира. 25УьссалгӀа сахьт дара Ӏийса жӀарах дӀатухучу хенахь.
26Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тӀехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла.
27 # ЕшаӀ-ЯхӀу 53:12. Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор#15:27 Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 28 тӀетоьхна ду: Кхочуш хилира Делан Йозанаш тӀехь яздина: «ТӀаккха зуламхо санна юкъатухур ву Иза», – бохург..
29 # Забур 21:8; 108:25; Марк 14:58; Яхьъя 2:19. Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХӀай! Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь дӀахӀоттош верг! 30Хьуо кӀелхьара а воккхуш, охьавосса бӀогӀам тӀера».
31Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало! 32Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хӀинца жӀара тӀера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама».
Цуьнца дӀатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.
Ӏийса кхалхар
(Маттай 27:45-56; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)
33Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза. 34#Забур 21:2. Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахь?»
35Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И».
36 # Забур 68:22. Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама.
«Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара жӀаран тӀера дӀаваккха», – элира цо.
37Ткъа цу хенахь, чӀогӀа мохь а тоьхна, Ӏийса кхелхира. 38#Арадаккхар 26:31-33. ХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. 39Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара».
40 # Лака 8:2, 3. Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. 41Ӏийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.
Ӏийса дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)
42-43Иза пӀераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тӀейогӀуш суьйре йолу дела, Пулатана тӀе ваха бӀо а боьлла, Ӏийсан дакъа схьадийхира. 44Ӏийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тӀеман хьаькам тӀе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла. 45ТӀеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дӀадалийтира. 46Юсупа, кӀади а эцна, дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТӀаккха къуббанан неӀарна дуьхьал боккха тӀулг карчийра цо. 47Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дӀа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.

Selectat acum:

Марк 15: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te

Planuri de citire și Devoționale gratuite în legătură cu Марк 15

YouVersion folosește cookie-uri pentru a îți personaliza experiența. Prin utilizarea site-ului nostru web, accepți utilizarea cookie-urilor așa cum este descris în Politica noastră de confidențialitate