YouVersion
Pictograma căutare

Марк 14

14
Ӏийса вен бина болу барт
(Маттай 26:1-5; Лака 22:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1 # Арадаккхар 12:1-27. Ши де даьлча тӀедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХӀилланца схьа а лаьцна, Ӏийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. 2Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.
Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар
(Маттай 26:6-13; Яхьъя 12:1-8)
3 # Лака 7:37, 38. Ӏийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо. 4Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян? 5ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш».
Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.
6Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх. 7#Карлабаьккхинарг 15:11. ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца. 8Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. 9Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
ЯхӀуд-Искархо Ӏийсана ямартло ян реза хилар
(Маттай 26:14-16; Лака 22:3-6)
10ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама. 11И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхӀуда Ӏийса церан кара дӀавала аьтто лоьхура.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даар
(Маттай 26:17-25; Лака 22:7-14, 21-23; Яхьъя 13:21-30)
12Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
13ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо. 14Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 15Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».
16Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира. 17Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара. 18#Забур 40:10. ДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».
19Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»#14:19 Цхьадолчу тептарш тӀехь кхин дӀаяздина ду: Вукхо а элира: «Со-м вац хир ву иза?».
20Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг. 21Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
Везачу Элан пхьор
(Маттай 26:26-30; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
22Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира:
«Схьаэца – иза Сан дегӀ ду».
23ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира. 24#Арадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34. Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу. 25Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц».
26ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)
27 # Закри-ЯхӀу 13:7. Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду:
„Ӏуьнна чов йийр ю Аса,
ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».
28 # Маттай 28:16. «Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
29Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо».
30ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».
31Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
Ӏийсас Гатшамани-бешахь доӀа дар
(Маттай 26:36-46; Лака 22:39-46)
32Цул тӀаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ас доӀа дечу юкъана, ховший Ӏе кхузахь». 33ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира. 34Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».
35Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Ӏийсас доӀа дира: «Нагахь йиш елахь, дӀакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – 36кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
37Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Ӏохкуш карийра Цунна. ТӀаккха Цо элира Кипе: «ШамӀа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо? 38Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».
39Юха а дехьо ваьлла, доӀа дира Цо, изза дешнаш олуш. 40Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. Шаьш Ӏийсага хӀун эр ду а ца хууш биснера уьш.
41КхозлагӀа а тӀевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хӀинца а наб еш, садоӀуш ду? Тоьар ду, тӀедеана и сахьт. Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна. 42Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Маттай 26:47-56; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)
43Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а. 44Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».
45Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира. 46Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса. 47Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира. 48ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца? 49#Лака 19:47; 21:37. Делан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».
ДӀаведда жима къонах
50Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира. 51Шен дерзинчу дегӀа тӀе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Ӏийсана тӀаьхьа хӀоьттира. Амма тӀемалоша и дӀалецира. 52ТӀаккха тӀемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дӀаведира царах.
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀоттор
(Маттай 26:57-68; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
53Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера. 54Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара. 55Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.
57Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58#Яхьъя 2:19. «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла».
59Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара. 60ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» – аьлла.
61Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна.
Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»
62 # Даниал 7:13. Ӏийсас элира: «Со ву.
Шуна гур а ву Адамийн КӀант
Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а,
стигалан мархашца охьавуссуш а».
63ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна? 64#Ӏамалъяр 24:16. Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?»
Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира. 65ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!»
ГӀаролхоша а еттара Цунна.
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:69-75; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)
66Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».
68Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух».
Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира. 69Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хӀиттина болчаьрга.
70Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».
71Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».
72ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со».
Кипа доггах вилхира.

Selectat acum:

Марк 14: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te