1
Яхьъя 7:38
Делан Йозанаш
Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».
Compară
Explorează Яхьъя 7:38
2
Яхьъя 7:37
Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна.
Explorează Яхьъя 7:37
3
Яхьъя 7:39
Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.
Explorează Яхьъя 7:39
4
Яхьъя 7:24
Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».
Explorează Яхьъя 7:24
5
Яхьъя 7:18
Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.
Explorează Яхьъя 7:18
6
Яхьъя 7:16
Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу.
Explorează Яхьъя 7:16
7
Яхьъя 7:7
Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела.
Explorează Яхьъя 7:7
Acasă
Biblia
Planuri
Videoclipuri