Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира. Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».