Яхьъя 14
14
Ӏийса Дена тӀе боьду некъ бу
1«Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. 2Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга#14:2 Со шуна меттиг кечъян воьду... дацара шуьга – я иштта: Уьш яцахьара, эр дарий Ас шуьга: «Шуна меттиг кечъян воьду Со»?. 3Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. 4Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».
5ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»
6Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен. 7Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».
8Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».
9Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? 10Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш. 11Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох. 12Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. 13ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама. 14Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».
Делан Са лур ду алар
15«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша. 16Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. 17Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. 18Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу. 19Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду#14:19 Кхин тайпа гочдан мега: Амма шуна гур ву Со, хӀунда аьлча Соьца дахар ду, шу а дехар ду.. 20Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. 21Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».
22Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»
23Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь. 24Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.
25ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш. 26Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.
27Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.
28Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.
29ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама. 30Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац. 31Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас.
ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».
Currently Selected:
Яхьъя 14: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012