Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а.