1
Яхьъя 15:5
Делан Йозанаш
Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хӀумма а далур дац.
Compare
Explore Яхьъя 15:5
2
Яхьъя 15:4
Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тӀехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча.
Explore Яхьъя 15:4
3
Яхьъя 15:7
Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна.
Explore Яхьъя 15:7
4
Яхьъя 15:16
Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дӀахӀиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТӀаккха аш Сан цӀарах хӀуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду.
Explore Яхьъя 15:16
5
Яхьъя 15:13
Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац.
Explore Яхьъя 15:13
6
Яхьъя 15:2
Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дӀахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цӀандо, алссам стоьмаш хилийта.
Explore Яхьъя 15:2
7
Яхьъя 15:12
ХӀара ду Ас шуна тӀедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“.
Explore Яхьъя 15:12
8
Яхьъя 15:8
Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу.
Explore Яхьъя 15:8
9
Яхьъя 15:1
«Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву.
Explore Яхьъя 15:1
10
Яхьъя 15:6
Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу.
Explore Яхьъя 15:6
11
Яхьъя 15:11
ХӀара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а.
Explore Яхьъя 15:11
12
Яхьъя 15:10
Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.
Explore Яхьъя 15:10
13
Яхьъя 15:17
Ткъа хӀара тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш».
Explore Яхьъя 15:17
14
Яхьъя 15:19
Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна.
Explore Яхьъя 15:19
Home
Bible
Plans
Videos