YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 13

13
Ӏийсас Шен мурдийн когаш билар
1Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна. 2Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана. 3Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а. 4Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира. 5Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. 6Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?»
7Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо».
8ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а».
Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх».
9ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!»
10Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а». 11Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», – аьлла.
12 # Лака 22:27. Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду? 13Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. 16#Маттай 10:24; Лака 6:40; Яхьъя 15:20. Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. 17Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. 18#Забур 40:10. Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, – боху дешнаш. 19ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.
20 # Маттай 10:40; Марк 9:37; Лака 9:48; 10:16. Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
Ӏийсас Шена ямартло хьан йийр ю дӀадийцар
(Маттай 26:20-25; Марк 14:17-21; Лака 22:21-23)
21И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».
22ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. 23Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара. 24Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла. 25Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла.
26Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву».
ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра. 27ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».
28Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга. 29ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагӀа ло», – боху.
30Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра.
Керла гӀуллакх тӀедиллар
31Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. 32Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.
33 # Яхьъя 7:34. Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза. 34#Яхьъя 15:12, 17; 1 Яхьъяс 3:23; 2 Яхьъяс 1:5. ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. 35Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар».
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Марк 14:27-31; Лака 22:31-34)
36ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?»
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье».
37Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».
38Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“».

Currently Selected:

Яхьъя 13: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in