YouVersion Logo
Search Icon

Векалийн 5

5
Хьанас а, Шаппира а
1Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра, 2Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо. 3Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? 4Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».
5И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. 6Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира.
7Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг. 8Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?»
Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах».
9Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара». 10Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза. 11Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.
Тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а
12Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора. 13Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура. 14Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. 15Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта. 16Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура.
Векалш дӀалецар
17 Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара. 18Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира. 19Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. 20Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла.
21Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш.
Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира. 22Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира: 23«Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», – аьлла. 24Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» – бохуш. 25Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», – аьлла. 26ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш. 27Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга: 28#Маттай 27:25. «Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша».
29Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо! 30Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. 31Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. 32Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».
33И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш. 34Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. 35Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун. 36Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх. 37Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира. 38Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду. 39Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
40Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара. 41Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. 42ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.

Currently Selected:

Векалийн 5: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in