Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».
И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.