1
Векалийн 4:12
Делан Йозанаш
Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».
Compare
Explore Векалийн 4:12
2
Векалийн 4:31
Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
Explore Векалийн 4:31
3
Векалийн 4:29
ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо
Explore Векалийн 4:29
4
Векалийн 4:11
Ӏийса – Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу.
Explore Векалийн 4:11
5
Векалийн 4:13
Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий.
Explore Векалийн 4:13
6
Векалийн 4:32
Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара.
Explore Векалийн 4:32
Home
Bible
Plans
Videos