YouVersion Logo
Search Icon

Векалийн 6

6
ВорхӀ гӀоьнча дӀахӀоттар
1Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.
2ТӀаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дӀакхайкхор а сацийна, тхо хӀума екъа хӀиттича, нийса хир дац. 3Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхӀ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гӀарабевлла хила беза. Вай и гӀуллакх царна тӀедуьллур ду. 4Ткъа оха тхешан ерриге а хан доӀанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».
5Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тӀеэцна волу Антиохера Никлас а. 6И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.
7Делан дош дӀасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Ӏийсах долчу тешарна муьтӀахь хилира.
Тапа лацар
8Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Ӏаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара. 9Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогӀучу, «паргӀатбевлларш» аьлла цӀе йолчу жуьгтийн гуламан цӀийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира. 10Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга. 11ТӀаккха цара къайлаха нах кечбира дӀахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Ӏеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла. 12Адам а, Ӏелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра. 13Харц тоьшалла дан нах дӀахӀиттийра. Цара бохура: «ХӀара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. 14Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Ӏийсас хӀара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гӀиллакхаш а хуьйцур ду“».
15Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.

Currently Selected:

Векалийн 6: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in