YouVersion
Pictograma căutare

Марк 1

1
Дала леррина Къобалвинарг гучуваларна адам кечдо Яхьъя-пайхамаро
(Маттай 3:1-12; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)
1Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. 2#Малъаки 3:1. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера:
«Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас.
Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
3 # ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе,
нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».
4Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». 5ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга. 6#Сулим 1:8. Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс. 7Адамашна иштта хьехамаш бора цо:
«Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со. 8Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
Ӏийса хих чекхваккхар
(Маттай 3:13–4:11; Лака 3:21, 22; 4:1-13)
9Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира. 10Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира. 11#Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; 12:18; Марк 9:7; Лака 3:22. Ткъа стигалара аз хезира:
«Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
12Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира. 13Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.
Ӏийсас мурдаш къастабо
(Маттай 4:12-22; Лака 4:14, 15; 5:1-11)
14Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара. 15#Маттай 3:2. Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».
16Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела. 17Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 18Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
19Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара. 20Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.
Жино хьийзош волу стаг
(Лака 4:31-37)
21Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. 22#Маттай 7:28, 29. Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.
23ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: 24«Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!»
25Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.
26ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. 27Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».
28Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Ӏийсас дукха адам тодо
(Маттай 8:14-17; Лака 4:38-41)
29Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара. 30ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага. 31Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
32Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе. 33Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре. 34Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
35Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира. 36Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера. 37И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву». 38Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».
39 # Маттай 4:23; 9:35. Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово
(Маттай 8:1-4; Лака 5:12-16)
40ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
41Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» 42Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира. 43Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга: 44#Ӏамалъяр 14:1-32. «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
45Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.

Selectat acum:

Марк 1: CHE

Evidențiere

Împărtășește

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te