1
Марк 1:35
Делан Йозанаш
Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира.
Compară
Explorează Марк 1:35
2
Марк 1:15
Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».
Explorează Марк 1:15
3
Марк 1:10-11
Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира. Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
Explorează Марк 1:10-11
4
Марк 1:8
Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
Explorează Марк 1:8
5
Марк 1:17-18
Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
Explorează Марк 1:17-18
6
Марк 1:22
Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.
Explorează Марк 1:22
Acasă
Biblia
Planuri
Videoclipuri