1
Марк 2:17
Делан Йозанаш
Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Compară
Explorează Марк 2:17
2
Марк 2:5
Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
Explorează Марк 2:5
3
Марк 2:27
КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна.
Explorează Марк 2:27
4
Марк 2:4
Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира.
Explorează Марк 2:4
5
Марк 2:10-11
Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»
Explorează Марк 2:10-11
6
Марк 2:9
Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“?
Explorează Марк 2:9
7
Марк 2:12
Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»
Explorează Марк 2:12
Acasă
Biblia
Planuri
Videoclipuri