Яхьъя 10
10
Ӏу а, цуьнан жа а
1«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву. 2Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагӀийн Ӏу ву. 3Ков лардеш волчу стага цунна ков дӀадоьллу, ткъа уьстагӀаша цуьнан озе ла а дугӀу. ТӀаккха, шен уьстагӀийн цӀераш а йохуш, уьш арадоху цо. 4Шен дерриге а уьстагӀий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагӀий цунна тӀаьхьахӀуьтту, шайна цуьнан аз девза дела. 5Хийрачунна тӀаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».
6И хьекъале дустар далийра Ӏийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьӀнах.
Ӏийса дика Ӏу ву
7ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду. 8Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагӀаша цаьрга ла ца дуьйгӀира. 9Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю. 10Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.
11Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа. 12Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо. 13И Ӏу дӀаводу, ша йолах Ӏу волу дела а, шен оцу уьстагӀийн бала а боцу дела а.
14Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. 15#Маттай 11:27; Лака 10:22. Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа. 16Кхин а уьстагӀий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагӀий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугӀур ду Сан озе, тӀаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Ӏу а хир ву. 17Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дӀало дела, Сан Дена Со веза. 18Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».
19Юха а, Ӏийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира. 20Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?» 21Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дӀаделлалур дуй бӀаьрзечун бӀаьргаш?»
ЯхӀудхоша Ӏийса тӀе ца оьцу
22Ӏай Ярушалайм-гӀалахь даздеш долу «Карладаккхар»#10:22 Карладаккхар – Сири-мехкан паччахьо Ярушалаймерчу Делан цӀа чохь цӀун сурт дӀахӀоттийнера. ТӀаьхьа исраилхоша и цӀу Делан цӀа чуьра аракхоьссинера. И деза де Делан цӀа, цӀан а дина, карладаккхар дагалоцуш хӀоттийна дара. олу деза де тӀедеара. 23Делан цӀийнан кертара Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь лелаш вара Ӏийса. 24Кхузахь Ӏийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».
25Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цӀарах Ас деш долчу гӀуллакхаша тоьшалла до Сох. 26Амма шаьш Сан уьстагӀех доцу дела, ца теша шу Сох. 27Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу. 28Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац. 29Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. 30Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».
31ТӀаккха юха а наха тӀулгаш схьаийцира, Ӏийсана деттархьама.
32Ӏийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гӀуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тӀулгаш детта гӀерта шу Суна?»
33 #
Ӏамалъяр 24:16. Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
34 #
Забур 81:6. Ӏийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тӀехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“? 35Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц), 36тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, – аларна? 37Нагахь Ас Сайн Дас до гӀуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш. 38Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла».
39ТӀаккха юха а лийхира цара Ӏийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.
40 #
Яхьъя 1:28. Юха а Йордан-хин вукху агӀор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Ӏийса. Цигахь висира Иза. 41Дукха нах баьхкира Ӏийсана тӀе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гӀуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла». 42Цигахь дукха нах тийшира Ӏийсах.
Selectat acum:
Яхьъя 10: CHE
Evidențiere
Partajează
Copiază
Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te
© Институт перевода Библии, 2012