1
Яхьъя 10:10
Делан Йозанаш
Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.
Compară
Explorează Яхьъя 10:10
2
Яхьъя 10:11
Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа.
Explorează Яхьъя 10:11
3
Яхьъя 10:27
Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.
Explorează Яхьъя 10:27
4
Яхьъя 10:28
Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац.
Explorează Яхьъя 10:28
5
Яхьъя 10:9
Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.
Explorează Яхьъя 10:9
6
Яхьъя 10:14
Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза.
Explorează Яхьъя 10:14
7
Яхьъя 10:29-30
Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».
Explorează Яхьъя 10:29-30
8
Яхьъя 10:15
Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа.
Explorează Яхьъя 10:15
9
Яхьъя 10:18
Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».
Explorează Яхьъя 10:18
10
Яхьъя 10:7
ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.
Explorează Яхьъя 10:7
11
Яхьъя 10:12
Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо.
Explorează Яхьъя 10:12
12
Яхьъя 10:1
«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву.
Explorează Яхьъя 10:1
Acasă
Biblia
Planuri
Videoclipuri