1
Яхьъя 4:24
Делан Йозанаш
Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза».
താരതമ്യം
Яхьъя 4:24 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
2
Яхьъя 4:23
Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас.
Яхьъя 4:23 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
3
Яхьъя 4:14
ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».
Яхьъя 4:14 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
4
Яхьъя 4:10
Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».
Яхьъя 4:10 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
5
Яхьъя 4:34
Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.
Яхьъя 4:34 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
6
Яхьъя 4:11
ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“?
Яхьъя 4:11 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
7
Яхьъя 4:25-26
Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна». Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг».
Яхьъя 4:25-26 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
8
Яхьъя 4:29
«ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?»
Яхьъя 4:29 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
ഭവനം
വേദപുസ്തകം
പദ്ധതികൾ
വീഡിയോകൾ